Къуръан
ХІара таптар Википедийара ду
Къуръан (Iарб. القرآن, я القران الكريم) ду бусулба пайхмар, Мухьаммадна (Делера салават а, салам а хуьлда цунна), тIе доссийна динан жайна . Дуьххьара охьадоссийна Лайлатулкъадр буса [Джабраил Малико] Мухьаммадна т1е (Делера салават а, салам а хуьлда цунна).
Къуръан гочдар а , тидар а
114 - Сурат Аннас (Адамаш).
Аллах1а ц1арца къахетачу , къинхетамечу
1.Ахьа ала :"Со ларло адамийн Кхиорхочуьнца , 2.адамийн Паччахьца , 3.адамийн Делаца , 4.(вониг) хьоьхучун , генадолучун вонах 5.ша адамийн кийранашка вониг хьоьхуш долчу 6.жинех а , адамех а" .
113 - Сурат Алфалакъ (Садаржар).
Аллах1а ц1арца къахетачу , къинхетамечу
1.Ахь ала :"Со ларло садаржочу Делаца 2.Цо кхоьллинчуьнан вонах , 3.боданан вонах а иза ч1аг1белча , 4.шеддашчу 1аеттачеран вонах а , 5.хьаг1лелочун вонах а , цо хьаг1лелийча" .
112 - Сурат Альихлас (Догц1аналла).
Аллах1а ц1арца къахетачу , къинхетамечу .
1.Ахь ала :"И Аллах1 цхьаъ ву , 2.Аллах1 - хьаштверг ву , З.Цо ца вина , Иза а ца вина , 4.Ца хилла Цуьнга тера цхьа а".
111- Сурат Альмасад (Хьаса)
Аллах1а ц1арца къахетачу , къинхетамечу .
1.Х1аллак хили Абу Лах1абан ши куьг , иза а хили х1аллак 2.Хьалха ца ваьккхи и шен бахамо а , ша гулдинчо а 3.Алу йолун ц1ерга г1ур ву иза а , 4.цуьнан зуда а , дечиг кхоьхьуш йолу 5.Шен кочахь хьесан муш болуш

